1.85M
Категория: ЛингвистикаЛингвистика

Дош-меттан коьрта дакъа. Цхьа маь1на долу а, дукха маь1наш долу а дешнаш

1.

Хьехарсахьтан ц1е:
Дош-меттан коьрта дакъа. Цхьа маь1на
долу а, дукха маь1наш долу а дешнаш.

2.

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: Цхьа маь1на долу а, маситта маь1на
долу а дешнаш довзийтар:
кхетам – кхиоран: Нохчийн матте болу безам
к1аргбар:

3.

Догдаийтаран мур.
Х1етал-металш
1. Б1аьрзечунна евза буц?
2. Аьхка йалта гулдеш лела, 1ай лаьтта буха
йулу

4.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
1. Ц1ахь бина болх толлу
2. Хаттаршна жоьпаш ло
-Маса элп ду нохчийн абатехь?
-Маца йаздо йозанехь й элп?
-Маца йазйо къасторан маь1нехь ъ, ь хьаьрк?

5.

Керла коьчал хьехар.
Вайн мотт дешнех лаьтташ бу. Ткъа меттан дерриге а дешнаш иза
лексика йу. Дош-дуккха а аг1онаш шена чулоцуш долу меттан
коьрта
дакъа ду. Цуьнан коьрта декхар-х1уманийн, хиламийн, дечун ц1е
йаккхар ду. Дешнийн маь1наш 1амочу 1илманах семасиолги олу.

6.

1амийнарг т1еч1аг1дар.
1. Лахахь далийн дешнаш шин бог1аме д1айазде.
Цхьа маь1ан дерш
Маситта маь1ан дерш
Ког, дуьне, церг, малх, к1ант, ц1е, не1, дечиг,
бух, ка, т1ам, шекар, са, н1аьна, аренаш, йиш
2. Легаде: Не1, ког

7.

Сада1аран миноташ.
Ас латийча буса чиркхаш,
Царна гонах хьийза ...
Херхана ас хьокхуш ков,
Суна йира п1елгах …
1ежаш, кхораш дуу цо,
Дукха деза цунна моз. Йац и 1ебаш мел диъча,
Йу и хьуьнах лела ...

8.

Дозуш долу къамел кхиор.
1. Барта кхочушдо шардар № 190

9.

Жам1 дар.
-
Стенах лаьцна дийцир вай урокехь?

10.

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

11.

1. Комментировать йеш оценкаш
х1иттайо.
2. Ц1ахь бан болх.
1амайе бакъо №
кхочушде шардар №

12.

Хьоме бераш,
даггара баркалла хуьлда шуна!
English     Русский Правила