3.07M
Категория: ЛитератураЛитература

Дадин йурт йаккхаран илли

1.

Хьехарсахьтан ц1е:
«Дадин йурт йаккхаран илли».

2.

1алашонаш.
1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: иллин чулацам бовзийтар, коьртачу
турпалхойн васташ довзийтар;
кхетам - кхиоран: оьздангалле болу безам
алсамбаккхар.

3.

Догдаийтаран мур.
Х1етал - металш:
1. Ц1ергахь а ца йогу, хин буха а ца йоьду?
2. К1айн йу - хи дац, мерза йу - моз дац?
3. Б1аьргашца го, куьйгашца схьа ца эцало?

4.

Нийса дуй талла.
Х1етал – металш:
1. Ша.
2. Шура.
3. 1индаг1.

5.

Дешархойн долчу хаарийн актуализаци йаран мур.
Ц1ахь 1амийнарг хотту.
1. Х1ун ду «Ваша воцчу Сайлахин иллин» кхечу
турпалаллин иллешца цхьаьнадог1ург а, къаьстарг а?
2. Х1ун бахьана дара Сайлаха ц1ера арайалийтинарг?
Нанас муха т1елоцу шега йо1а аьлларг?
3. Муха бу иллин д1ах1оттам? Довзийта иллин дакъош.

6.

Керла коьчал йовзийтар.
Илли васт х1оттош дешар.
1. Илли дешале хьехархочо Дади - Йурт йохорах
лаьцна бакъдерг довзийта деза.
2. «Дадин йурт йаккхаран илли» васт х1оттош деша
1амор.
3. Хьехархочо илли хьалххе кечам бинчу
дешархочуьнга доьшуьйту йа ша доьшу.

7.

Дешнаш т1ехь болх:
г1айре - гонд1а хи долу лаьттан дакъа;
Идал – Волга – хи;
йоьза вота – йез – можа к1еда дечиг;
гома зурма – гомашан ма1а санна хьалахьаьвзина зурма;
хьаьтт – гулдина йалтан дакъош, ц1андеш йолу меттиг;
човка – грач;
куьйса эрз – т1ехь г1а доцу эрз, камыш;
дол – пхьарс;
стешха – кхоьруш, осала;
бора ши б1аьрг – сирла боьмаша басахь.

8.

Илли васт х1оттош дешар.
1. Илли дешале хьалха хьехархочо Дади - Йурт йохорах
лаьцна бакъдерг довзийта деза.
2. «Дади - Йурт йаккхаран илли» васт х1оттош деша
1амор.
3. Хьехархочо илли хьалххе кечам бинчу дешархочуьнга
доьшуьйту я ша доьшу.

9.

Иллин хьокъехь хаттарш:
- Муха хийти шуна xlapa илли?
- Х1ун хилам бу цу т1ехь буьйцург?
- Х1ун ойла кхоллайели шун иллин турпалхойх лаьцна?

10.

Сада1аран минот.
Шина дашах - кица.
1. Шай, зурма.
2. Т1улг, хи.

11.

Нийса дуй талла.
Кицанаш:
1. Шай деллачо зурма лекхна.
2. 1иллинчу т1улга к1ел хи ца кхаьчна.

12.

Комментари йар, хиламийн план х1оттор.
1. Илли дакъошка а доькъуш, комментари а йеш, хиламийн план
х1оттайо.
Хиламийн план:
1. Ц1онтаройн Дадас Терка йистехь йурт йиллар;
2. Гуьржехарчу инарлас Москохан паччахье арз дар;
3. Салт диллар, нанас Бахьадаран Муьстарг йохьеваккхар;
4. Бахьадаран Муьстарган Дадин Аьлбикица хилла къамел;
5. Дадин Аьлбикас йуьртара к1ентий иракарах1иттор;
6. Дади - Йурт мостаг1чо йохийна, йагийна д1айаккхар;
7. Иллин дерзор.
2. Хиламийн планах пайда а оьцуш, дешархошка иллин чулацам
йухасхьабийцийтар.
3. Бахьадаран Муьстарган Дадин Аьлбикин диалоган инсценировка
х1oттop.

13.

Иллин репродукцех лаьцна къамел.
1амат т1ехь долчу суьрте хьовсур ду вай. Иллин
чулацаман цхьана хиламах лаьцна ду иза.
- Х1ун ду суьрта т1ехь гайтинарг?
- Иллин муьлха меттиг йу цу т1ехь гайтинарг?
- Х1ун ойла кхоллайолуьйту оцу суьрто?

14.

Хьехархочун дерзоран дош.
Исторически бакъдолчунна т1ехь кхоьллина илли ду xlapa.
Йахьйолчу к1ентийн, мехкарийн хьуьнаре г1уллакхаш дуьйцу цу
т1ехь. Коьрта тидам бохамечу г1уллакхна т1еберзийна халкъо шен
илли т1ехь, цундела к1езиг пайда эцна кху т1ехь исбаьхьаллин
суртх1отторан г1ирсех. Йохайой, йагайой д1айоккху Дади - Йурт
мостаг1чо, йуьртахой эгначул т1аьхьа. И тайпа масалш дукха ду вайн
исторехь. Царах цхьаннах Дади - Йурт йаккхарх лаьцна халкъо илли
кхоьллина, Т1екхуьучу т1аьхьенашна оцу йуьртарчу нехан майралла,
доьналла довзуьйтуш. Мостаг1чунна хьалха шаьш осала ца гойтуш,
йахь д1а ца луш, х1аллакьхуьлу уьш. Цундела церан ц1ерш йаха
йисна халкъалахь, уьш хестабо иллешкахь.

15.

Ц1ахь кхочушдан дезарг.
1. Илли къастош деша хаар.
2. 1амат т1ехь долчу хаттаршна жоьпаш кечдар.
3. «Дади - йурт йаккхаран иллех» лаьцна
статья йешар.

16.

Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…

17.

Даггара баркалла хуьлда шуна,
хьоме бераш!!!
English     Русский Правила