63.16K
Категория: ЛитератураЛитература

Кицанаш. Клишеш

1.

Кицанаш
- Тешаме доттагI волчун доккха ирс
ду.
- Тешаме доттагI вевза, хало
тIехIоьттинчохь.

2.

Клишеш:
1 Тешам.– иза… Сан кхетамехь, ….
2.Текстан авторна хетарехь, …
Х1окху текстан автора нийса билгал ма
даккхара …
3 Х1окху кхетамах лаьцна сайна хетарг
олуш, билгалдаккха лаьа …
4. Лакхахь аьллачун т1ера билгалдолу …
Ойла йинчул т1аьхьа вайна билгалдолу …

3.

Тешам – иза уггар хьалха доттаг1алла ду, ткъа доттаг1алла уггар
хьалха тешам бу. Тешам бу доттаг1аллехь уггаре а чIогIа оьшург.
Тешаме доттагIа чIаг1онан бIов йу баьхна вайнаха.
Х1окху текстан автора Темирбулатовас билгал ма даккхара,
тешамо адамна ницкъ ло. Зураан шех болчу тешамо Ахьмадан дахар
кхечу агIор дерзийна. Ткъа Ахьмадна уггаре а оьшург дара иза.
Адамехь уггар мехалниг тешам хилар ду. Шех тешам байина стаг
цхьана а х1уманан меха вац. Иза вайна гучудолу (45-47-гIий
предложенешкахь).
Сайн дахарехь зеделлачуьнга а хьаьжна, дало лаьа айса йешначу
«Нохчийн лаьмнашкахь» поэми тIера масал. Шех тешна, ша волчу
веана, шена вевзаш а воцу АслагIа дика тIеоьцу Шаида. Иза шарахь
Iийра цуьнан тхов кIелахь. Шаид тешаме ву олуш хезна, кхаьчнера
АслагIа и волчу. Кхин ваха меттиг болуш вацара иза. Шаид хила а
хиллера тешаме доттагI а, дика накъост а.
ЖамI деш ала лаьа, тешам боцу стаг хIуманан меха вац. Дала
Шаид санна тешаме доттагIий, дика накъостий ма эшабойла вайна!

4.

Тешам - иза уггар хьалха адам ларар ду, адамца лелош йолу йукъаметтиг йу.
Кхечу стагера даьлла хIума догцIена хиларх, и даггара хиларх бIоболар ду. Тешам
– башха дикалла йу, адамийн йукъаметтиган бух тIехь хилла ца Iаш, адамашана,
акхарошна йукъахь а хила йезаш йолу. Суна хетарехь, шех тешам байна стаг,
цхьана хIуманан меха вац.
Текстан автора вайна ма-гайттара, тешам уггаре а коьртачу синмехаллех цхьаъ
йу. Шайн классера дешархой а, керла йеана хьархо Зураъ а, шех теший хиъча, шен
амал а, дерриг дахар дикачу агIор хийцира Ахьмада. Оццул ч1огIа ницкъ ло
тешамо.
Дахарера масал далош, ала лаьа, тешам бацахьара, херлур дара адамашна
йукъара гIиллакхаш, вовшашка болу лерам а, безам а. Тешам оьшу синтемна,
адамашна йукъахь болчу кхемна. ХIун хир ду тамехьа, къайле йоцуш, Iоттар йийр
йоцийла хууш хьайн сингаттамах лаьцна дагара дийца йиш хиларал совнаха.
Шеца тешам болчу стага хуьйцу вайн амал дикачу агIор. Адаман йукъаметтиг мах
боцуш йу, нагахь санна вайна и кхераме ца хетахь.
Лакхахь аьллачунна тIера билгалдолу тешам, собар, йахь, гIиллакх, безам кху
дуьненан коьрта мехалла хилар. Цара латтош ду-кх вайн адамийн дахар.
Тешам боцучохь хила йиш йац оьздангалла. И боцучохь хир бац безам а, барт а.
Дала тешам болчу адамех дуьззина хуьлитийла хIораннан дахар.
English     Русский Правила