Похожие презентации:
Сулаев Мохьмад «Сох муха эр дара адам?..»
1.
Хьехарсахьтан ц1е:Сулаев Мохьмад «Сох муха эр дара
адам?..»
2.
1алашонаш.1аморан: дешархойн хаарш зер, 1амийнарг
карладаккхар;
кхиоран: Сулаев Мохьмадан кхолларалла йовзийтар,
цуьнан «Лаьмнаша ца дицдо» романан чулацам
бовзийтар;
кхетам - кхиоран: нохчийн литературе болу безам
к1аргбар.
3.
Догдаийтаран мур.Х1етал – металш:
1. Гуттар а лесташ доьду, амма цкъа а
д1а ца кхочу?
2. Хина т1ай, некъана накъост?
3. Йуьйцина йу, амма керт йац?
4.
Нийса дуй талла.Х1етал – металш:
1. Ага.
2. Говр.
3. З1е.
5.
«Адаман кийрахь къинхетаме догдацахь, иза акхаройх къаьсташ хир
дац…»
/Магомадова Р. А./
- Бераш, муха кхета шу оцу дешнех? ХIун йу боху
адам экханах схьакъасториг?
-Шун кхетамехь, муха хила деза къинхетаме дог?
- Оцу хаттарна жоп лохур ду вай таханалерчу
урокехь.
6.
Сулаев Мохьмад Абуевич(1920 – 1992)
7.
Говзарийн жанраш къастайе:а) С. Курумова «Дохк»
_______________________
аь) С. Арсанов «Маца девза доттаг1алла»
_______________________
б) 1-Хь. Хамидов «Лийрбоцурш»
_______________________
в) А. Сулейманов «Дахаран генаш»
_______________________
г) С.Бадуев «Олдам»
_______________________
8.
Жоьпаш:повесть, роман,
дийцар.
пьеса, поэма,
9.
Йаздархочух лаьцна хаамаш.1. Сулаев Мохьмад вина 1920 – чу шеран 20 сентябрехь
Хьалха – Мартанан к1оштан Г1ойт1ахь.
Деша ваххалц йолу бераллин хан цигахь йаьккхина цо. 1928 – чу
шарахь иза шен деца – ненаца Соьлжа – г1ала кхелхина. Школехь
дешначул т1аьхьа Мохьмад Баку – г1ала деша вахара. Цигахь
рабфак кхиамца чекх а йаьккхина, цул т1аьхьа циггахь лоьрийн
дешар дийшира цо. Дешна ваьлла ц1авирзинчул т1аьхьа дуьйна
лоьран а, поэтан а сийлахь г1уллакхаш кхочушдеш схьавеара иза.
М. А. Сулаев поэтически кхиарехь дакъалецира нохчийн
литературин бухбиллархочо С. Бадуевс. Поэтана вайнехан
фольклор а, литература а дика йевзаш хилар къеггина гуш ду
цуьнан произведенеш т1ехь.
10.
2. Дуьххьарлерачу байта т1ехь дуьйна гучубаьлла схьабог1у поэтанДаймахке болу безам. Мохьмадан кхоллараллехь литературин
турпалхочун васт Даймахкаца д1аэделла ду.
Ч1ог1а оьзда, ийманехь стаг хилла Сулаев Мохьмад. Стеган
дахарехь коьртаниг Даймохк ларбар, шен халкъан дуьхьа хьанала
къахьегар хилар, адамийн дегнашка д1акхачор хилла йаздархочун
кхоллараллин коьрта 1алашо.
1944 – чу шарахь шен Даймахках къастийначу нохчийн халкъаца
цхьаьна Г1ум – Азехь кхойтта шо даьккхинчу Мохьмадан
кхоллараллехь, цуьнан байтийн мукъамашкахь къаьсташ
йешалуш, хезаш йу г1айг1а, сатийсар, сатийсам, шен дайн кхерче,
махке сатийсар. Цхьа шатайпана мур бу поэтан кхоллараллехь
«Безаман эшарш» байтийн гулар арайаьлла хан. Цул т1аьхьа
арахоьцу поэзин а, прозин а книгаш: «Велларг денвалар» (дийцарш,
1959 шо); «Тавсолта ломара д1авоьду» (роман, 1966 шо) и. кх. д1.
11.
3. 1964 – чу шарахь «Грозненски рабочий» (20 – г1а декабрь)газетехь арайаьллачу шен «Поэмы и современность» статьяхь
Мамакаев Мохьмада билгалдоккхура: «Поэтан болх цуьнан
книгин стомма хиларца лара мегар дац. Коьртаниг кхин ду: мел
к1орга схьагайта хиъна цунна вайн дахаран а, шена гинчун а
маь1на. И гайтар цуьнан нисделлехь, жима книга а дуккха а тоьлу
цхьайолчу йоккхачу томал».
Гоьваьллачу поэто Мамакаев Мохьмада лаккхара мах хадийнарг
Сулаев Мохьмадан «Даймехкан з1енарш» поэзин гулар йара.
Сулаев Мохьмада Казахстанехь лоьран болх бина. Даймахка ц1а
веача шен лоьран балха д1авахана иза. Шен дахаран т1аьххьара де
т1екхаччалц бина цо и.
Сулаев Мохьмад ц1аьххьана кхелхина 1992 – чу шарахь Соьлжа –
Г1алахь. Вайн литературехь цо йитина сирла лар цкъа а йовр йац.
12.
Керла коьчал йовзийтар.Доьлхучохь бер дитна –
Сайн хьаште дIахьадахь,
Йуьртан хьашт кIелдитна –
Сайн гIуллакх хьалха дахь,
Неханиг тIаьхьатитта
Ас дагчохь бахь сацам,
Сох муха эр дара адам.
II.
ГIамаран аренгахь
Латтанаш лелхачохь,
Хи доцуш, туй багахь
Лекъна, мотт бестачохь,
Накъостах лачкъабахь
ТIаьххьара хин тIадам,
Сох муха эр дара адам.
13.
Къелло, йиш йохийна,БIаьрзе суо идаварх,
Мохо тхов бохийна,
ДогIнехь суо висарх,
Мисканиг тевина,
Ца хьастахь, беш тидам,
Сох муха эр дара адам?..
IV.
Лулахойн цIа даьгча,
Сан кийра ца багахь,
Нехан мохк бегийча,
Сан дог ца дегадахь,
Ца хеташ бен дагахь
ТIеэцахь и хаам,
Сох муха эр дара адам?..
14.
V.Соьгара гIо оьшучохь
ДIахьаббеш бIаьргаш,
Соь орцах кхойкхучохь
ДIакъовлуш сайн лергаш,
Со Iахь сайн тоьли чохь,
Сайх айса беш тоам,
Сох муха эр дара адам?..
VI.
Цхьана денна соь йехна
ДоттагIчо нуьйр йаьхьнехь,
Амма, хиэ дIабаьхьна,
Дин байна и виснехь,
ХIетте, нуьйр йухайезна,
Ас цуьнга бахь къадам,
Сох муха эр дара адам.
15.
VII.VIII.
Сайн цхьа пIелг
Шина вешин барт боьхча,
лазийча,
Суна вас ца хилахь,
ГIайгIане со вожахь,
ЙоIана дас тоьхча,
Кхечуьнан гIогI дойча, Сан дог ца Iовжадахь,
Лере а ца охьахь,
Ткъа, бертахь уьш гича,
КIант вийна да гича,
Ца хилахь синхьаам,
Ца хилахь бан кадам, Сох муха эр дара адам?..
Сох муха эр дара
адам?..
16.
Халла схьакарийна, Халкъо сайх тешийнаСай эххар гахь хьуьн Беркат ас ца
чохь,
лардахь,
Амма шен кIорнина
Сайн пайда эшийна,
Цо накха луччохь,
Ас и ца дебадахь,
Хьарам топ
Халкъачух, даггара
хьажийна,
Ца хилахь сан чидам,
Ас цунна бахь цатам, Сох муха эр дара
Сох муха эр дара
адам?..
адам?..
17.
Дешнаш т1ехь болхОьрсийн матте даха дешнаш:
нуьйркъадамсинхьаамтоьлаБилгалдаьхначу дешнийн маьIна досту.
18.
АДАМ бохучу дашна синквейн хIотто хьовса вай?Адам
Дика, тешаме
Ларво, сийдо, хьоьху
Дахарехь мехала меттиг д1алоцу
Накъост
19.
3. Керла турпалхой а бу романна йукъабалийна: нийсо ларйешволу немцо – лор Эзау, жугти – юрист Венкин, ша лелийначух
дохковаьлла чекист – нохчи Бакар, оьрси лейтенант Еланцев,
мотт бетташ лелла Тойсум, саг1а деха дола хеташ, мацалла йалла
йала резахилла Мариг1аз и. д. кх. а. Цо гойту Сулаев Мохьмадан
«Лаьмнаша ца дицдо» роман, хьалха йазйина хиллачу «Тавсолта
ломара д1авоьду» романца з1е йог1уш йелахь а, дикка цунах
къаьсташ, керла роман йу ала мегар хилар. Авторан ницкъ
кхаьчна вайн халкъан дахар уггар халчу хенахь, историн голату –
хучу к1уркманехула чекхдолуш ма – дарра схьаохьа. Романан
д1ах1оттам, турпалхойн кхолламаш кхаа декъе бекъна схьагойту:
т1ом балале хьалха, т1ом иккхича хилларг, цхьа бехкбоцу дерриг
халкъ махкахдаккхар, хийрачу махкахь, цхьа а бакъо йоцуш,
йохьах ца духуш, 1азапе зама токхуш вайн къам чекхдалар, бала
хьегна ц1адирзинчул т1аьхьа шен махкахь цо дахар йухах1оттор.
20.
4. Романан х1ора персонаж йу шен йуьхь – сибат долуш. Турпалхойнкхоллам, дахаран бердех бетталуш, халкъан кхолламах боьзна,
биллина хьалхахьа д1аоьхуш го.
Къоман г1иллакхаш, оьздангалла, ламасташ Тавсолтин вастаца ду.
Советан заманахь кхиъна цуьнан ши йо1 Нурседа, Селита,
комсомоло бохучунна т1ег1ерташ, кхечу амалехь йу. Ши йо1 деца
эвхьаза ца йолу, йуьхь – дуьхьал эхь – бехк лардо, амма царна
йукъахь къийсам бу. «Лаьмнаша ца дицдо» роман нохчийн
литературехь дуьххьарлера произведени йара нохчийн къам
махкахдаккхаран тема иштта шуьйра х1оттийна.
21.
Литературин теори. Исбаьхьаллин литературехь васт кхолларахболу кхетам к1аргбар.
Васт исбаьхьаллин ду – васташ ду, вастан, вастана, васто, васте –
исбаьхьаллин кхоллараллехь дахар гайтаран кеп. Искусствехь
дахарера бакъдерг довзаран, иза йуха произведенехь схьагайтаран
шатайпана йолу форма йу исбаьхьаллин васт.
Ма – дарра долу дахар дац исбаьхьаллин вастехь гучудолург.
Дуьненан хиламаш, дахарера г1уллакхаш шега схьа а эцна, шен
ойланца литта а литтина йаздархочо кхоьллина исбаьхьаллин васт
ду произведенехь схьах1уттуш дерг. Дуьненца, шена гонахарчу
дахарца авторан кхоллалуш йолу йукъаметтигаш гучуйовлу
исбаьхьаллин васташкахь. Дахарера бакъдерггий, шен ойланехь
кхоьллинарггий авторо эстетически кепехь цхьаьнадалоран
башхаллашка хьаьжжина кхоллалуш ду исбаьхьаллин васт.
22.
Самукъане материал.Анаграммаш:
Шалха, шарам, шалго, шада, шахьар, са,
саьхьар, седа, сий, сосакх, сорам.
Анаграмма йу – дашехь элпаш хийцина кхечухьа а даьхна,
керла дош кхоллар. Масала: Терк – керт, во1 – 1ов, хедар – дехар,
сийна – нийса.
23.
Нийса дуй талла.Анаграммаш:
Алхаш, машар, гола, даша, хьашар,
ас, хьаьрса, деса, йис, кхосса, морса.
24.
1. Дешархоша д1айоьшу роман «Лаьмнаша ца дицдо».2. Синквейн «Лаьмнаш».
Лаьмнаш.
Лекха, онда.
Лаьтта, 1алашво, деза.
Лаьмнаш - вайн Далла делла ни1мат.
Ч1аг1о.
25.
Жам1 даран хаттарш.1. Муьлш бу романан коьрта турпалхой?
2. Муха х1оттийна авторо Тавсолтин васт?
3. 1адаташна т1етийжаш, уьш лоруш велахь а, керлачу
1едална реза вуй Тавсолта?
4. Муха кхиийна Тавсолта шен доьзал?
5. Тавсолтин доьзалехь хуьлучу йукъаметтигашкахь
дакъалоцуш йерг мила йу?
6. Тавсолтас х1унда лору и оьрсийн зуда?
7. Кегийрхойх лаьцна муха кхоллайелла шун ойланаш?
8. Х1етахьлера кегийрхой таханлерачарах къаьсташ
буй?
26.
1амийнарг карладаккхар.Исбаьхьаллин сурт х1отторан г1ирсаш.
Эпитеташ: букарчу тулг1ешца, жовх1арийн тхи, готтачу, бехачу цу
новкъа.
Метафораш: тулг1ешца чхернаш керчадеш, жовхарин тхи х1аваэ
хьалакхуьйсуш, лаьмнаш хедадеш, хаьхкина охьадог1у, и сатуьй
соцу…
Олицетворени – метафорин цхьа тайпа; исбаьхьаллин сурт х1оттош,
1аламера муьлхха а х1ума адаман хьесапе дерзийна, синхаамаш,
кхетам болуш санна гайтар.
Поэто ламанан хи дийна долуш санна гайтина.
Кхидолу хиш – уьш тайп – тайпана къаьмнаш ду вайн махкахь
дехаш долу. Барт цхьаъ болуш бертахь дехаш хиларо ницкъ ло
къамнашна, ткъа д1акъестаро г1елдо уьш.
27.
1. Дешархоша шаьш бинчу белхан мах хадор.2. Рефлекси йар:
Суна хии…
Суна хазахийти…
Со ца кхийти…
28.
Ц1ахь бан болх.1. 1амайо Сулаев Мохьмадан кхолларалла.
1. Стихотворени къастош йешар.
29.
Хьоме бераш,даггара баркалла хуьлда шуна!
Беркате хуьлда шун керла хаарш!!!
Литература